Нохчийн республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу юкъараллин Региональни фондан Президенте Кадырова Айманега.

4 августа 2019

Хьомсара Аймани! Тхан Мехкан Нана!

Хьо йина де – махкана а совг1ат хилла. Цкъа а, хьайн де дохарх, хьайн дог дохарх, эсалчу еларан пардо хьайн юьхь т1ехь гойтуш, собарца, оьздангаллица, ийманца чекхйийлина хьо дахаран массо а зиэрехь. Цундела ма йоккху халкъо хьан йоккха ц1е - Мехкан Нана! Цундела ма ду хьан дахар - массарна а чу садиллина, массарна а дог д1адиллина. Комаьршаллин г1айре, къинхетаман х1орд, догдикаллин хьост – хьо йолу орцах массарна а. Хьуна бен а дац, мила ву, муьлхачу къомах ву – де эшна, г1о оьшуш, г1орасиз висна, хьоьгарчу г1о-накъосталле сатесначун кхочу хьан орца. 

Хьо куьйгаллехь йолчу НР-н Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажи ц1арахчу Региональни Юкъараллин Фондо д1ахьуш ду вайн юкъараллин г1ийла-миска бохкучу а, за1аьпчу а нахана г1одар. Хьан беркатечу г1олацарца хийла доьзал шайн х1усамашка бирзина, хийла лазархочун дарба карийна, хийла дог доьхначун ойла екхаелла. 

Дийцина а вер вац, Региональни Юкъараллин Фондо адамийн дахар тодархьама т1ехьажийна белхаш. Меттах1иттина дийнна ярташ, дина маьждигаш, школаш, социальни учрежденеш, берийн бешаш, иштта дуккха а кхийолу мехала объекташ, г1одина могашалла эшначарна. 

Дуьненахь а даьржа хьан саг1а – Россин регионашкахь, малхбален а, малхбузен а пачхьалкхашкахь, т1амо а, 1аламан бохамаша а зенаш динчу меттигашка а. 

Лараме Аймани! Хьо йина де - тхуна массарна а доккха-деза совг1ат ду! Тхан ца хилча йиш йоцу Мехкан Нана, Дика адам! Оха хазахетарца декъалйо хьо Йинчу денца! Дала могашалла, ирс, беркат, барт ма эшабойла хьан х1усамехь! Дала ахь хьайн къоман а, мехкан а дуьхьа мел лелош дерг меле дойла! Ирсаца кхелийна хуьлийла хьан х1ора а де! Дала декъалйойла хьо Йинчу денца, тхан хьоме Аймани!