Нохчийн зудчун денца!

15 сентября 2019

Лараме Аймани Несиевна! Хьомсара Медни Мусаевна!

Оха даггара декъалдо шу х1окху дезчу денца - Нохчийн зудчун денца!    

Дикаллин, къинхетаман, аьхналлин г1айре хилла лаьттина зуда нохчийн юкъараллехь. Шайна хьалха х1иттинчу халонаша, вуонаша эша а ца деш, догкъеда, дахаре кхийдаш схьаеъна шушиъ. Иштта аш шайн къинхетамечу серлонца къагийна хийлачу г1ийла-мискачийн, заь1апчийн, де доьхначийн дахар. 

Цундела Мехкан Нана боху Сийлахь ц1е йоккхуш ю Айманин вайн махкахь а, махкал арахьа а. Нохчийн бакъйолчу зудчун дахар Меднин дахаран масаллехь го. Ткъа генарчу оьмарашкара дуьйна схьадог1уш ду, нохчийн зуда эсалаллин, дикаллин масал хилар. Тахана мах хадийна вер а вац нохчийн зудчо къона чкъор кхетош-кхиорехь лоцучу декъан.

Лараме Аймани, Медни! Х1окху дезчу дийнахь д1аэца тхоьгара баркаллин, лараман дешнаш! Дала декъалдойла шу Нохчийн зудчун денца! Дала шун доьзалехь барт, ларам, беркат ма эшадойла! Дала дуккха а дахадойла шу вайн махкана а, халкъана а!

Ларамца, Кадыров Ахьмад-Хьажи ц1арахчу Региональни Юкъараллин фондан коллектив!