Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад – Хьаьжин цIарах йолчу Юккъараллин Региональни фондан Президенте Кадырова Айманега.

8 марта 2018

Ларама Аймани Несиевна!

Оха даггара декъалйо Хьо Дуьненаюкъарчу зударийн денца - 8 мартаца! Дикаллин, къинхетаман, аьхналлин г1айре хилла лаьттина зуда нохчийн юкъараллехь. Хьуна хьалха х1иттинчу халонаша, вуонаша эша а ца еш, догкъеда, дахаре кхийдаш схьаеъна Хьо. 

Иштта Ахь Хьайн къинхетамечу серлонца къагийна хийлачу г1ийла-мискачийн, заь1апчийн, де доьхначийн дахар. Цундела Мехкан Нана боху Сийлахь ц1е йоккху Хьан вайн махкахь.

Луур дара-кх, Хьан дахарехь ирс, могашалла, синтем лаьттийла! Луур дара-кх, Хьайн халкъана а, махкана а Хьо дуккха а шерашкахь ехийла! Д

ала декъалйойла Хьо 8 мартаца Аймани Несиевна!

Ларамца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Региональни Юкъараллин фондан коллектив.