Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад – Хьаьжин цIарах йолчу Юккъараллин Региональни фондан Вице - президенте Кадырова Меднига.

8 марта 2018

Лараме Медни Мусаевна!

Х1окху б1аьстенан юьххьехь, дерриг а 1алам дахарна юхаденлучу муьрехь, билгалдоккхуш ду Дуьненаюкъара зударийн де - 8 март. Б1аьстенан заза санна, ховхачу, б1аьстенан зезаг санна, эсалчу Хьуна лерина ду тхоьгара Хьо декъалъяран дешнаш.

Оьзда, тешаме, яхьйолу х1усамнана, нана, нус, йиша - и дерриг а Хьайца долуш, ткъа Хьайгара и хьайн доьзална а, гуонахболчарна а масаллица гойтуш, еха Хьо.

Дала ийман, ирс, барт, беркат ма эшадойла Хьан х1усамехь!

Дала декъалйойла Хьо 8 мартаца, тхан лараме Медни Мусаевна!

Ларамца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Региональни Юкъараллин фондан коллектив.