Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад – Хьажин цIарах йолчу юккъараллин Региоанльни фондан Президенте Кадырова Айманега.

4 августа 2020

Лараме Аймани Несиевна!

Оха даггара декъалйо Хьо Йинчу денца! Хьан дерриге а дахар массалин кеп хилла, оьздангаллин барам хилла, д1ах1оьттина ду тахана нохчийн къомана. Комаьршаллин г1айре, къинхетаман х1орд, догдикаллин хьост – хьо йолу орцах массарна а. Хьуна бен а дац, мила ву, муьлхачу къомах ву – де эшна, г1о оьшуш, г1орасиз висна, хьоьгарчу г1о-накъосталле сатесначун кхочу хьан орца.

Вайн махкахь хилла а ца 1аш, дуьнене а кхочу Ахь куьйгалла деш йолчу фондан г1о. Доза доцуш, мах хадийна а вер воцуш ду дуьненахь а Ахь доккхуш долу саг1а а, деш долу г1о а. Тахана тхуна доккха дозалла ду, Ахь куьйгалла деш йолчу беркатечу фондан белхалой хилар.

Тхан хьомсара Аймани! Оха хазахетарца декъалйо хьо йинчу денца! Ахь мискачу, г1ийлачу нехан хьосту дог Дала хьостийла Хьан! Дала хьайн доьзалан вуо ма гойтийла Хьуна! Дала хьайн халкъана а, махкана а дуккха а шерашкахь яхайойла Хьо!  Ирсо хьоьстийла хьан х1ора а де, тхан хьоме Аймани!

Пресс – служба Регионального общественного фонда им. Героя России А. Кадырова.