Оха даггара декъалйо Хьо Йинчу денца! Хьан дерриге а дахар массалин кеп хилла, оьздангаллин барам хилла, д1ах1оьттина ду тахана нохчийн къомана. Комаьршаллин г1айре, къинхетаман х1орд, догдикаллин хьост – хьо йолу орцах массарна а. Хьуна бен а дац, мила ву, муьлхачу къомах ву – де эшна, г1о оьшуш, г1орасиз висна, хьоьгарчу г1о-накъосталле сатесначун кхочу хьан орца. Вайн махкахь хилла а ца 1аш, дуьнене а кхочу Ахь куьйгалла деш йолчу фондан г1о. Доза доцуш, мах хадийна а вер воцуш ду дуьненахь а Ахь доккхуш долу саг1а а, деш долу г1о а. Тахана тхуна доккха дозалла ду, Ахь куьйгалла деш йолчу беркатечу фондан белхалой хилар.